🔥 Burn Fat Fast. Discover How! 💪

Ценным также считаю, что в президиуме представительного кинофе | Noxchoyn_istori

Ценным также считаю, что в президиуме представительного кинофестиваля Таврида, рядом с Кареном Шахназаровым и министром культуры РФ сидел чеченец Шамиль Агаев. Нам нужны десятки, сотни Тугузовых и Агаевых. И пусть они пишут и говорят на русском. Недостатка в говорящих на чеченском у нас нет. Пусть кто хочет носит смокинг, что не мешает другим рядиться в национальную тогу. В разнообразии наша сила. Только так мы отстоим своё место под солнцем и сохраним свою идентичность.

Дала 1алаш дойла вай а, вайн мотт а.

PS. Спасибо Хамзату Умхаеву, профессионально занимающемуся проблемами языка и чьи переживания заставили меня взяться за этот пост

Хамзат Умхаев

Ма тамашийна хӀумнаш дуьйцу ахь, Рашид. Хьоьгара схьахезаш тамашийна долу. Россех дехачу къаьмнийн меттанаш, цхьа оьрсийниг боцург, гӀеллуш дӀадолуш хилар дуьненна а хууш ма ду. 50 шо хьалха дийна хиллачу цхьадолу меттанашкахь тахана вист хуьлуш цхьа а стаг ма вац. Ахь хьахийначу ЮНЕСКО-с доху орца и сингаттам балхош дохуш ма ду. Нохчийн мотт а ма бац цу сингаттамечу боламна йуьстах лаьтташ. Сема ца хилахь, очартехь ма ду вай а.

Мотт кхиар-м дуьйцур а дацара вай, "бытовой" олучу тӀегӀан тӀехь иза лелар а лах ма делла. Коьртачу декъехь, кегий йарташкахь бийца бисна-кх нохчийн мотт. Ахь хӀинца Соьлжа-ГӀалех "миллионник" а йина, уьш цига дӀа а бигахь, цунах а девр ма ду вай.

Советийн зама дагайаийти ахь суна. Цу хенахь СССР-н йуккъе догӀу цхьа бӀе сов къам дӀа а даьккхина, церан меттан керла къам - "советский народ" кхолла арабевллера коммунисташ. Кегийчу къаьмнийн меттанаш цхьа а кхане йолуш дац ("бесперспективни" ду), ишколашкахь уьш Ӏамош эрна хан йайъа ца оьшу, церан меттан оьрсийн мотт Ӏамор сов даккха деза, бохуш, кхайкхамаш бора оьрсийн къоман бух тӀехь коммунизм кхолла арабевллачара. Цул сов, дин - "опиум для народа" йу ", Ӏадаташ - "пережитки прошлого" а, "мракобеси" а йу, иштта дӀа кхин а дуьйцура цара. Цхьацца долу хӀумнаш дика хиллехь а, тхан девешийна а дайна - "сийдоцуш Ӏедал а дара, доьхна дика а ду".

Оьрсийн къоман олуш цхьа хӀума ду-кх - "йиллинчу неӀарх чугӀерта ца оьшу" ("не надо ломиться в открытую дверь"). Россин пачхьалкхан маттана дуьхьал, и Ӏамо ца оьшу, бохуш, цхьа а ма вац. Суна-м ца гина уьш. Ӏамо беза дера-кх. Ца Ӏамийча шена хала ду-кх. Цу маттехула бен оццул йолчу Россица йукъаметтигаш лело а, ур-атталла, вайн махкахь Ӏедалан гӀуллакх дӀакхехьа а йиш йуьй вайн (оьрсийн маттахь Ӏедал лелош хилча)? Цуьнгахула вайна дуьненан литература а, культура а, искусство а йовзар-м дийца а ца дуьйцу вай. Цул сов, мел кӀезга а, ингалсан, Ӏарбийн меттанаш а оьшу вайна, доккхачу дуьнене арадовла а, бусулба дин къорггера довза а.
И меттанаш Ӏамор, цхьанна а хьаставала йа тан аьлла а доцуш, вайн вешан цу тӀехь хьашт хиларна хила деза вайн.

Йуха а, тӀаккха а ала лаьа суна вай цхьанна а маттана дуьхьл ца хилар а, уьш хаар вайн къомана доккха беркат хилар а. Вай лоьхуш дерг цхьаъ ду - вешан мотт биц ца бар, массара а иза бийцар, ницкъ ма кхоччу иза кхиор, хӀунда аьлча, тӀаккхий бен ца хуьлу вай вешан къомах.

Эзарнаш шерашкахь шен сийлахь истори а йолуш схьадеъна нохчийн къам, ахь схьадийцарехь дерриге дуьненчу а экспанси йан таро йолуш долу, мотт дӀа а баьлла, диса йиш йолуш ма дац. Мотт а боцуш къам ма ца хуьлу. Ахьа буьйцучу матте хьаьжжина бен ма вац хьо цхьаьна йа вукху къомах.

Кхин цхьана хӀумнах а ца кхета со, цхьаммо шен мотт хаа а, бийца а беза аьлча, "мы не можем замкнуться," олий, тухий цхьа "ярлык" коча ма тосу. Шен хӀума хаар-довзар, иза Ӏалашдар - "замыкаться" дар лоруш ду-кхи? Неха-м ма ца хуьлу иза иштта. "Ша стаг волу стаг - шен чуьра дӀа хила веза", - олуш дац вайн?

Схьахетарехь нохчийн меттан хьал дика девзачух тера дац хьуна, Рашид, мелла а хиера ваьлла хьо цунах. Доьзалехь дуьйна нохчийн мотт бийцар лахделла вайн берийн. Шо а кхачале, цуо гӀовгӀа ца йичхьана мегаш, цуьнан кера мобильник а лой, паргӀат долу дай-наний. Цу чохь а, теливизор чохь мел гойтург а, дуьйцург а оьрсийн маттахь хуьлу. Цхьаболу доьзалаш шайн чохь а ца бийца боьвлла нохчийн мотт, берашна оьрсийн мотт ца Ӏамарна кхоьруш (ЕГЭ а ма йуьйца дӀайалан йезаш).