Get Mystery Box with random crypto!

ТӀаккха иза берийн беша дӀало, цул тӀаьхьа ишколе деша доьду. | Noxchoyn_istori

ТӀаккха иза берийн беша дӀало, цул тӀаьхьа ишколе деша доьду. Тахана цхьа а берийн беш а, цхьа а ишкол а йац республикехь вешан пачхьалкхан маттахь хьоьхуш. Ткъа берашна шен ненан маттахь хьеха дезаш хилар - иза аксиома йу.

Шайн пачхьалкхехь ненан маттахь ишколашкахь хьоьхуш а доцуш "политически наци" муха хуьлу? Вайн Конституцица Нохчийн Республика, Россин йуккъехь йелахь а, нохчийн пачхьалкх йу аьлла дӀакхайкхина ма еца. Стенна оьшу вайна пачхьалкх, нагахь санна вай вешан мотт буьйцуш ца хилча?

Нохчийн мотт тахана "предмет" санна Ӏамош бу, цунна билгалдина сахьташ кхачаме дац. Бераш дешна довлуш, церан хаарш зуьйш луш экзамен йац нохчийн маттахь, ЕГЭ йуккъе йогӀу массо а экзамен оьрсийн маттахь дӀайала йезаш йу. Бераш кхетош-кхиоран болх оьрсийн маттахь бу, нохчийн маттахь бераш вовше дистхилча, хьехархоша мага а ца деш.

Ненан маттахь арадолуш цхьа газет а, шиъ журнал бен дац, уьш йаздеш а, доьшуш а наггахь бен стаг вац. Нохчийн маттах лаьцна болу Ӏилманан белхаш оьрсийн маттахь бен йазбан магош дац иштта дӀа кхин а, кхин а. ДӀа ца баьлла стенга баха беза тӀаккха и мотт, хӀай Рашид? Шех пайда оьцуш йоцу дегӀан меже а, хала а хелий, дӀа ма йолу.

"Опасение ассимиляции беспочвенны и наивны" бохучух муха кхета веза, хӀора дийнахь дуьненчуьра цхьацца мотт дӀаболуш хилча?

Ахь суна бехк ма билла, "наивны" дера ду, Рашид, вай дуьйцуш дерш. "Политически наци" хила йеза боху ахь. Мила ву цунна дуьхьал? Амма "политически наци" муха хуьлу "элементарно" шен къоман (нацин) маттахь еша а, йазда а хууш боцчу, шен ненан маттахь дешар а, Ӏилма а доцчу нахах? "Политически-м" хила тарло, амма "наци-м" хир йац. Иштта дӀа кхин а шортта ду-кх уьш.

ТугузовгӀар а, АгаевгӀар похӀма долуш нах бу. Дика ду уьш болуш. Вай дозалла до царех. Делахь а, соьга хаьттича, хьалхе - вешан ненан маттахь йолчу литературин а, кинематографин а хила еза. Ткъа цара нохчийн маттахь бина белхаш, дика гочдархой а кечбина, оьрсийн а, кхечу а меттанашка а йаха йеза, дуьненна а вайн къоман шатайпана хаза гӀиллакхаш а, оьздангалла а дӀайовзуьйтуш. И аьлла хета-кх суна, Рашид. Дукха вах-м вела со. Дала нийсонна тӀехь нисдойла вай!

-1530

https://www.facebook.com/100009548589069/posts/2994127897582134/